1933-1941-чу шерашкахь ГУЛАГ-н лагершкахь бархІ шо даьккхинчул тIаьхьа, шозлагIа а халкъаца Даймахках ваьккхина, казахийн шийлачу аренашкахь халонаш а, баланаш а лайначу, цкъа а доьналлех, оьздангаллех, собарх ца вухуш ваьхначу, 1949-чу шеран 14-чу апрелехь Ош областерчу Жанги-Жол районерчу Успеновка йуьртахь кхелхинчу, цигахь дIавоьллинчу сайн дена Iабдулхьаькимна.
Шен раж эцна доьдура эзар исс бІе шовзткъе пхоьалгIачу шеран февраль беттан цІемза де. КIилбаседехьара хаддаза схьахьоькхучу шийлачу мохо лоькхура дерзина дитташ.
КIеггина йекхна хуьлу стигал оцу дийнахь, дошан баса йирзина, кхоьлина, догІанан мархийн Іаьржа сомалкхаш охкийна, мохь аьлла йелха йохкуш санна, кхохкийна кхозура. Цхьа дагна хийра, оьгIазе хеталора тІера ло даша доьлла Тянь-Шанан лаьмнийн Чаткхалан дерзина даккъаш.
Йуткъа шок йетташ, лай тIера схьахьоькху шийла мох, хьакхабелла меже шелонца морцуш, кIад ца луш, массо маьIIехула кхерстара. Адамийн дегнашна тІе цхьа беза сингаттам туьйсуш, маьхьарий хьоькхура, йочанийн кхаъ кхайкхош, дерзинчу дитташна тIехула хьийзачу къийгаша.
Дерриге а Iаламехь хила ма-деззара хуьлуш, цхьаннен а цхьа а тайпа хийцам бан ницкь боцуш, шена ма-ттов чекхдолуш доллура и шийла Iа. ТІейогIучу бІаьстенан меттиг мукъа а боккхуш, и Iа кхин цкъа а йуха ца дан дІадерза дукха хан ца йисинера.
Оцу доьхначу дийнахь ламанан тІулган басахула, лаьхьа санна, сетташ хьалаболучу гІашлойн новкъа дечиган маххьаш а гехь меллаша охьайогIура ши зуда.
Шиннах цхьаъ – тІейуьйхина эттIа тIелхигйаьлла, берриге а бамбеш а охкабелла тиша тужурка а, бамбин одеялах тегна йеха коч а, коьрта тиллина лелийна тишделла кІинж йолу доккха кортали а, когахь истангах тегначу пезагашна тIехула йуьйхинчу калошца шовзткъе итт шарал тIехйаьлла зуда тІехьаьжча шен хенал а йоккха хетара.
Цхьана хенахь хазачу куьцахь хилла цуьнан лекхо дегІ а, горга йуьхь а, хІинца а тIера хазаллин лар йанза, безамехь гора. Къежделлачу гиччоша а, хебаршка ихначу беснеша а, кІоргга хьех чуэгначу кхоьлинчу бІаьргаша а тоьшалла дора иза гиначу бохамаша хеназа къанйина хилар. Амма и самукъанах цхьа а суй шайна чохь боцу бІаьргаш, къинхетамах буьзна, массарех а дог лозуш, гІийла хьоьжура.
Важа, цуьнан накъост, ткъех шо алссам хенара йуккъерчу дегIахь, Іаьржа йеха месаш, горга йуьхь-марш йолуш хазачу куьцехь къона зуда йара.
ГІо лоьхуш санна, кхерстара Іаьржачу цIоцкъамашна бухара схьахьоьжу, оцу дийнан стигланах тарбелла, кхоьлина, белха кечбелла, бІаьрхих буьзна цуьнан Іаьржа ши бІаьрг. Царна чохь къеггина гора цхьаьнгге а балхоза, балхо меттиг йоцуш, кийрахь ІаьIна бала, къоначу, декъазчу дагна маслаIат дехар.
Macex де дара и шиъ ламанан цхьана чIаже дечиге оьху. Денна цхьаьнакхетара и шиъ цигахь, амма йуьртахь цхьацца маьIIехь йехачу цаьршинна вовшийн кІезиг йевзара. Нийсса цхьа шо хьалха вовшашна генахь, Кавказан лаьмнашкахь, шаьш йинчу йарташкахь маьрша йехаш хилла и шиъ, кхолламо дай баьхначу, уьш дIабоьхкинчу лаьттах къастийна, йалийна, кхузахь цхьаьнатоьхнера.
Нийсса цхьа шо хьалха цаьршинна ца хаьара, шаьшшиъ, баьлларг бехк боцуш, йинарг кхиэл йоцуш, февраль беттан цхьана кхаарин дийнахь хIусамашкара ара а йаьккхина, кхуза гена махка кхуссур йуйла, шаьшшиъ а, шайн доьзалш а мацалла ца балийта, хIара къиза къахьоьгуш, сагIадоьхургаш санна, йаьлла лелар йуйла a.
Серсачу дарзо тІадийначу гІашлойн новкъахь, ког шершина, галйаьлла, охьакхетарна кхоьруш, меллаша ког буьллуш, ларлуш охьа чу а йоьссина, ворданан новкъа йелира и шиъ.
Йоккха стаг кІадйелла гIелйеллера, амма иза шен ницкъ ма-кхоччу хьалха дІагІертара.
– Хьо кIадйеллий-те, Хелипат? Жимма садаIа, охьахаий вайша? – хаьттира, йуха а хьаьжна, хьалха йоьдучу къоначо.
– XIaн-xIa, Зану, дІайало хьо, – йоккхастаг, саца а сецна, халла хьала а сеттина, хьалхахьа хьаьжира. – ДІогахь, некъа йистехь, гучу IандагIна кІел соцур вайша.
Зану хьалха дIахьаьжира. IандагIан дитт гена дацара. Пхи бІе гІулч йелахь, кхин гена йацара царна йуккъехь, амма мацалло ницкь эшийначу цаьршиннан догІмашна гена хийтира цига кхаччалц бан беза некъ.
Ши зуда, кхин йист ца хуьлуш, берриге шаьшшиннан ницкъ тІе а гулбина, махьа кІел букар а йахана, меллаша хьалхахьа йолайелира. Шаьш йолайелла йоьддушехь Хелипатан ойла йора Занус. Зануна хаьара дукха хан йоццуш Хелипатан цІийндай, вуьрхIитта-берхІитта шарачу йахана гIеметта хIоьттина хаза йоIIий деллийла а, ткъа иза ша жимачу кхаа бераца Іазап хьоьгуш йуйла а.
Шаьшшинна вовшийн йевзича, Зануна чІогIа йезайеллера и къинхетаме, догдика йоккха стаг. Iийшинчу баланашка ца талхалуш дисинчу цуьнан эсалчу хьажаро а, кІеда-мерзачу къамело а, йиначу нанас санна, тІеийзайора иза.
Сих-сиха шаьшшиъ ІандагIна гергакхача йоллий а хьожуш, коьртехь уьйриг хилла хьийзаш йеза ойланаш а йолуш йоьдучу цаьршинна генна хьалхахьа, некъана иттех гІулч йуьстаха, Іуьллуш цхьа Іаьржа хІума а, цунна гуонах хьийзаш жІаьлеш а гира. Шаьш герга мел гІоьрти а, иза адаман дегІах тарлора цаьршинна, ткъа гуттар а гергакхаьчча, и шиъ тийшира хьалхахьа Іуьллуш гург баккъала а адам хиларх. ЙогІучу кхушиннах бІаьрг кхетча, ши жІаьла меллаша доладелла коьллашлахь къайладелира.
Воьжна Іуьллург беркъа вухавелла воккха стаг вара. Ма-боггІу лергашна тІеозийна тиллина, цкъа цхьана хенахь безачу мехехь хилла, шен холхазах боьхна, хІуманна меха боцу боьмаша холхазан куй бара цуьнан коьртахь. Дерзинчу дегІа тІе йуьйхина эттІа, коржамаш а тийсина аьхна тужурка а, эттІа меттигаш тешций, бехчалгашций леррина тІеттІаийзийна аьхна тиша хеча а, берзинчу когашна тІетуьйдина неІаран мачаш а йара.
Голаш мара а оьзна, горгвелла Іуьллура воккха стаг. Цуьнга дІа а хьоьжуш, ца соцуш тІехйелира хьалха йоьду Зану.
– Собардехьа, Зану, тхан эвлара Аюб ву-кх иза. Лаа Іуьллий-те хІара кхузахь воьжна? – сецира тІаьхьайогІу Хелипат. ТІаккха, воккхачу стагехьа дІа а йирзина, цуьнга кхайкхира иза.
Шозза-кхузза мохь тоьхча а, воккха стаг вист ца хилча, йа меттах а ца хьайча, тІейаханчу Хелипата цІе а йоккхуш меттахъхьавира иза.
– Миска Аюб- йаІ, – гІийла мохь белира леррина цуьнан йуьхьа тІе хьаьжначу Хелипатан. – ХІара-м велла Іуьллуш хилла…
Шена хезначу дешнаша хІумма а цец ца йаьккхира Зану, амма тІе а йахана, воккхачу стаге хьаьжначу цуьнан дагахь цкъа а дицлун доцу сурт дисира. Цунна хьалха Іуьллура кІайн йеха маж а йаьлла можа йуьхь. Аьрзунан зІок санна, хьаьвзина дукъ тІедаьллачу мера чуьра а, багара а охьаІийдадедла соьла мераІуьргаш чохь а, мекхашна а, можана а тІехь деттера. Набарна охьавижча санна, хьаббина лаьттара бІаьргаш. КІеззиг гІаттайеллачу багахь гора цхьа а талхаза шагатІулгаш санна, кІайн цергаш. Тужуркин эттІачу херошкахула гора шелоно сендина оза дегІ. Йуххехь Іуьллура мелла бертиг йихкина цхьа-ши кана хьаьжкІех буьзна жима пІаьлдиг.
– Йалохьа, Хелипат, дІагІо вайша. Со цуьнга хьежалац-кх, дог оьккхуш лаьтта-кх сан, – аьлла, шен хих буьзна бІаьргаш дехарца Хелипате хьовсийра Занус.
– Вайша дІа ма-йаьлли, схьадогІур ду-кх и жІаьлеш. Цхьа а стаг вац-те новкъа вогІу гуш?
Зану некъа дІасахьаьжира.
– Вац, Хелипат…
– Вайша хІун де-те, Зану?
– Новкъа дІасалелаш адамаш долуш тІе жІаьлеш гІертар дац хир ду цунна. Кхузахь лаьттачул, чехкка цІа а гІой, нахе хаийта вайша?
– Хаийта-м хала ма дацара, Зану. Хаийтича, хІара дІа а вигна, хІокхунна каш даьккхина, хІара лаьттах волла ницкъ кхочур болуш боьрша стаг тхан эвларчу нахана йуккъехь-м вац. Цхьаберш цомгаш эгна Іохку, важаберш шайн догІмаш халла ирахь лелош бу. Хаац-кха, хІун дер.
– И цхьа пхи-йалх стаг ву оцу гІуллакхна йукь йихкина лелаш. Цаьрга хоуьйтур вайша.
Цхьана минотехь ойла йиначул тІаьхьа, Аюбна йуххера дІайелира Хелипат. Кийра даш доьттича санна, дегнаш дазделла, гІелйелла эвла йолайелира ши зуда. Цаьршинна хьалха хІуьттура, и воккха стаг санна, декъазчу Іожаллица беллачу шайн безачийн, гергарчийн суьрташ, шаьш хІинццалц схьа Іийшина баланаш, инзаре ирча тахане, кхин а ирча, буьрса тІейогІу кхане…
– Велла, кху дуьненара дІаваьллачун-м ирс дара, – элира Хелипата, шаьшшиъ цунна дикка генайаьллачул тІаьхьа. – Дийна дисинчу вай хІун дика хьоьгур ду?! Амма тамашийна бу-кх дуьненан белхаш. Масане хир дац моьттург хуьлу, ла ца дийгІинарг тІедогІу стагана. Хьажал хьо Аюбах хилларг. Цхьа шо хьалха боккха доьзал, шортта даьхний, йоккха ков-керт йолуш, нахана Іаламат дукхавезаш, хьанала вехаш стаг вара иза. Цхьа шо далале, доьзалх, бахамах ваьлла, гІаж санна, цхьалха висира. Ткъа мел онда, дегІехь ницкъ болуш, уьнах цІена стаг вара иза! Дезткъа шо гергга хан йара цуьнан, ткъа тхан йуьртахь балха тІехь цуьнца ларош стаг вацара, Колхозехь собрани хуьлуш, ударник ву бохуш, даим стоьла улло хьаькамашна йуккъе охьахаавора иза. Цул сов, хІара Іедал доккхучу хенахь Микли-паччахьна дуьхьал тІом беш масех чов а хиллера цунна. ХІинца а сайна гуш санна хета суна, вopxI-бархІ шо хьалха депутаташ хоржучу дийнахь йуьртахь дуьххьара йаьшки чу тосу кхаж цуьнга тасийтар. ХІинца шен коьртахь болчу куйнаца, исхаран чоица, цунна чухула йуьйхина атлазан гІовтал, йукъах йихкина детица кхелина шаьлта. Оццул нисвелла, хазачу цуьнан Іожалла кхерстачу жІаьлин санна хили. ТІехь деша-м хьовха, аттала къилбехьа верзо стаг ца хилла уллохь. OxIxIaй, Дела, хьан болх бу-кх! Хаац-кх, вайн Іожалла муха хир а, вайна латта мичахь доьгІна а…
– Пекъар, стенга воьдуш хилла-те иза?
– Стенга воьдуш хилла хир вара иза? Цхьа иэшам бац ткъа вай дерриге а арадаьхнарг! Кхалла хІума лаха вахана хилла хир ву-кх! Веза Дела, хьуна дика хаьа хир ду-кх. КІадйелла, настаршна чохь са ца дисина сан-м. Каррехь йегайо-кх. Жимма йал йей вайша?
Зану реза хиларе а ца хьоьжуш, гира махьаца цхьаьна тІуьначу лаьтта охьахиира Хелипат.
– Тамашийна стаг йу-кх хьо, Хелипат. Хьан амалех цецйолу-кх, со, –элира Занус ша, охьа а хиъна, паргІатйаьлча.
– ХІунда бах ахь?
– Даима нахах доглозуш, царна маслаІат дан гІерташ хуьлу хьо, ткъа хьайгарчу баланех лаьцна цхьа дош а ца олу. Са чІогІа стаг йу хьо. Велла Іуьллу и воккхастаг гича, со йелхаза ца Іейели, ткъа хьан бІаьргех хин тІадам а ца белира…
Хелипат цхьа гІайгІане йелайелира.
– ЭхІей, диканиг, дера, дукха ма йилхина. Ма дукха йилхина-кх. Дукха йелхарна, бІаьргаш чохь хи ца дисина. Дог доьлху, ткъа бІаьргех хи ца долу. Ас хьаьнга балхор бара сайгара бала? Хьанна оьшу сан балхамаш, цІийзар? Мила ву цхьа бала кийрахь боцуш, Дала делла Іеш? Цхьа а вац, Зану. Къанйелла со хІинца, мел йаьхча а, дукха йехар йац. Хала делахь а, Іожалло дІайиггалц садеттар ду ac…
– Иза а ду-кх бакъ. Делахь а, лаьа-кх шегара бала балхо, дог хьао, тІаккха шена синтем хир болуш санна. Велла Іуьллу воккхастаг гича, хилларш а, гинарш а дерриге карладевлла, ойла йеш йогІий со-м. Сан а дара да-наний, шиъ ваший. Вай цІера арадахале цхьа ах шо хьалха маре йахана со… ХІусамдеца кхуза йалийра. ТІамехь йаьккхина цхьа ност йоцуш вара иза. Ас иэша хІума-м ца дитира цунна… Кху аьхка кхелхина иза…
Логе гІертачу йелхаран къурдаша садукъдинчу Занус шен къамел сацийра.
– Хаьа суна, Зану. Вевзара суна иза. Аьтту ност йоцуш, озо йеха йуьхь-марш йолуш, Іаьржачу аматехь, хьийзина Іаьржа корта а болуш безамехь жима стаг. Некха тІехь ордалш а хуьлура цуьнан.
– ТІамехь хьуьнар гайтарна йеллера цунна уьш. Цхьаъ ордал йара, шиъ мидал йара. Жима пІаьлдаг бина, кучана чухула коча а тесна, йиллина дІа сайн дегІаца лелош йу сан уьш. Ткъа сайн нахах хилларг хаац суна вай арадаьхначу дийнахь дуьйна.
БІаьргаш буьззина чухІиттина бІаьрхиш, тІех а даьхкина, татолашца беснешна тІехула охьахьаьлхира Занун. Шен коьрта тиллинчу тишачу йовлакхца хиш дІа а хьоькхуш, кийрахь йоьлхура иза.
– Дера, хаац суна-м, Зану, хІун дийр ду. Цхьа Делан болх бу-кх хІара. Дала динчунна реза а хилла Іийча, хьегнарг цхьа йал йоцуш довр дац хир ду вайн. Дависарг, Іовдалш хили вай-м. Maxкaxдахар гІалат ду, нийса дац, цунах кхеттачу Іедало йуха цІадерзор ду бохуш, колхозо ваьшна деллачу лаьтта тІе стохка бІаьста йалташ ца дийра. Цундела кху бухахь долчу къоманачул хьалха мацалла хІоьттина вайга. Вай, схьа ма-кхеччи, дерриге балха а девллехь, вайна къастийначу латтанаш тІе йалташ а дийнехь, кху хьолехь ца хила а мегара…
– Ма дийцахьа, Хелипат, – элира Занус, доккха са а даьккхина. – Дукха бехк а бацара нехан. Тахана-кхана цІа доьрзу бохуш, кху махках дог ца леташ Іийра-кх. ХІинца а ву массо шаьш Даймахка йухадерза кхана новкъа девр ду моьттуш. Со а, хьо а теша цунах. Вайна иза дагара баьлла минот йац, аттала гІенах а. Ткъа масазза кечйелла со новкъа йала, сайн миска къелгаш1 дІа а хьарчийна? Мацца а цкъа со новкъа йалахь, баа хир бу бохуш, дІабиллина латтош ши кийла мекхан цу бу сан… Латта-м ца дийра. Цкъа-делахь, вай дІагІур ду моьттура, шолгІа-делахь, кхузара латта вайн махкараниг санна лелош дац. Кхузара латта лело говзалла ма йеза.
Новкъарчу тІулгах ког тасабелла, галйаьлла Хелипат, дІакхоссайелла, бердан басех куьг гІортийна, охьа ца кхеташ йисира.
– Доцца аьлча, гІуллакх галдаьлла-кх вайн, – элира цо, куьйгах летта хатташ дІа а бохуш, – дІадаханчу шарахь адамаш даларна бехке-м мацалла а йацара. ХІетахь вайн карахь цІера деана мелла а йалта дара. И чекхдаьлча, карара сал-пал а йухкуш, хІума эца аьтто а хилира. Махкаллаш деш белира дукха нах. Кху Іай гІелдин вай мацалло. Баккъалла а аьлча, дукха нахехь ницкъ а бацара шайна къастийна латта лело, балха баха а.
Хелипата аьллачо Зануна дагадаийтира бІаьста, гуттар шайн гІаддайча, ша куз бохка йахар. Иза бара шиъ-ах метр шуьйра, кхоъ-ах метр беха, хаза кечбина гІажарийн куз. Зану Маиле йеача, ден-цІа а йахана йуха йогІуш нанас совгІатна белла. Зануна хезнера, и куз мацах цкъа шен денанас, гомаш а йоьхкина, эцнера бохуш. Шаьшшиннан долара дерриге хІума доьхкинчул тІаьхьа а ца бухкуш, Занун ден а, ненан а безамна Іалашбеш латтабора цаьршимма иза. Амма кху Іай цІеххьана цомгаш хилла, вехха меттахь висинчу Маилна кхачанна кхин дан хІума а ца хилла, иза бохка арайелира Зану. Цхьана кертара вукху керта хІуьттуш, йуьртах чекхйелира иза. Безачу кузах цуьнга кховдориг йа ах кийла даьтта, йа жимо ши хьокхам хуьлура. Хьанна хаьара, луларчу йарташкахь, къаьсттина царна бархІ километр генарчу узбекийн йуьртахь хІуттучу базарахь кузах ах мах бала а мегара. Амма Занун а, йа цхьана а нохчочун а бакъо йацара комендатурин бертаза цига ваха. Ткъа Маилан (цунна дукхавезачу, цуьнан гІийлачу Маилан) кийра рицкъа дахаза масех де дара. Куз луччух дІабохка дийзира. Иза суьйранна цІа йеара, ах кийла даьттий, ши кийла нехчий, цхьа кийла хьаьжкІийн ахьаррий дохьуш…
– Хелипат! – чІоггІа йистхилира Зану, иза уллохь йоцуш, ткъа цхьана генахь, мохь тоьхча ца хеззехь йолуш санна.
– ХІун боху ахь, Зану? – цецйаьлла хьалатаьІира Хелипат.
– ХІун бехк баьлла доьхкина вай кху къизачу Іазапе? Ма хала ду хІара лан! Цхьа бехк баьлла, таІзар токхуш делхьара а хІумма дацара. Бехк-гуьнахь доцуш цІийнах, махках баьхна бІарзбина лело зударий, бераш… ХІара-м адамана дуьйцу а цахезнарг дай, Хелипат… Стенна бехке ву и велла Іуьллу воккха стаг, вайша, кхин а эзарнаш? Вай хьанна хІун дина, Хелипат?…
Зану, саца а сецна, жоп доьхуш, Хелипате хьаьжира. Хелипатна гира оьгІазаллех буьзна богу Занун Іаьржа бІаьргаш, йолчу тІе а макхйелла йуьхь, хорша йеача санна, йего чІениг, вовшехйеттало цергаш.
– Хаац, Зану. Суна хаац… Кха тІе а йахана, нийсса цIа йан а халла хууш къанйеллачу суна ца хаьа хьуна жоп дала. Хьуна дешар хаьа, Іедалан балхана йуккъе а гІиртина. Сол хьекъал долуш хир йу хьо.
Маржа дуьне йаІ-кх! ДІа мел боккхучу кого, олучу дашо карлабоху-кх генара Даймохк, ирсе кьоналла!
«Хьуна дешар хаьа, хьо Іедалан балхана йукъа а гІиртина…»
Карладийлира йуьртарчу школехь доьшуш Іийна шераш, Маилца цхьаьна ворхІ класс чекхйаккхар. Ша йуьртан библиотекехь болх бина ши шо. Дуьххьара йуьртахь вовшахтоьхна исбаьхьаллин цхьаьнакхетаралла, Соьлжа-ГІалахь нохчийн театран сцени тІехь шаьш концерт хІоттор; «Ленинан некъ» газетнн йоьалгІачу агІон тІехь зорбатоьхна ша а, Маил а цхьаьна хелхадолуш даьккхина сурт; шайн коллективан кхиамех лаьцна радио чухула дуьйцуш, доккхадеш дог детталуш, ша ладегІар. ХІетахь… xIeтахь – и шиъ къона дара… Занун йалхитта шо, Маилан – ткъайасна шо. ХІетахь тІом бацара, адам маьрша дехара, хІораннан а бешахь йара ирсе бІаьсте. Хьанна хаьара, хьанна моьттура…
«Гур буй-те йуха Даймохк? Гур дуй-те кхин нохчийн маттахь газета, книга?… хезар дуй-те радио чухула ненан маттахь къамел? – хоьттура цо ша-шега, бІаьргех оьху дуьра хиш дІа а хьоькхуш. Ткъа Маил тешна ма вара тхуна тІехь хІоттийна хІара хьал Сталинна ца хууш, иза Іехийна, хІоттийна хиларх, дерриге ма-дарра шена и хиъча, цо тхо тхешан махка дерзориг хиларх… Ткъа Маила цкъа а ца олура харцдерг…».
Зану тешара мацца а цкъа шаьш дай баьхначу лаьтта тІе доьрзург хиларх. ХІораммо а санна, цо а шаьш новкъа девр долу денош дохкура. Новкъа йогІуш цхьаьний пхи-йалх машина гича, станцешкахь йаьсса лаьтташ цІерпоштан вагонаш йара аьлла хезча, хІор а дог теший хуьлура уьш шаьш дІадига кечйина хиларх.
«ХІаъ, тхо-м, дийна диснарш-м, мацца а цкъа цІа доьрзур ма дара, – ойла йора Занус, – Даймахке са а туьйсуш, цуьнга а кхойкхуш, кхузахь лаьттах баханчийн къа ду-кх. Маил, сан хьоме Маил, хьо суна хир вац-кх…»
Оццу цхьана ойланаша дІалаьцна ши зуда кхин вовшашка йист ца хилира йуьрта йоллалц.
ІІ
Кхоьлина деана де къаьсттина а сингаттаме хуьлура Николай Кузьмична. Йочанца цхьаьна лаза йолура цуьнан хадийна ност. Лазарша карладохура тІеман хьалхара буьрса денош.
Немцойн фашисташа, тІе Іожаллин дарц детташ, хІаллакдора машаре адамаш, сийначу цІарах йогура йарташ, гІаланаш, адамо эзарнаш шерашкахь кхоьллинарг…
Хьомечу Украинин латта мостагІчунна а дуьтуш, дегнаш къуьйлуш, малхбалехьа йухадийлар. Цаьрца цхьаьна, шаьш иттаннаш шерашкахь гулбина бахам а буьтуш, малхбалехьа уьдура фашистийн олаллин а кІел совца ца луу зударий, бераш, къенаниш.
Эххар а – Волга-хин бердаш. Кхин дІа йухадовла бакъо йац! Кхузахь Толаман Де тІекхачале, минометан снарядо аьтту ност оту…
Эзар исс бІе шовзткъе шолгІачу шеран берхІитталгІачу ноябрехь цІен бос а богуш, элдарчу дегІахь, каде, самукъане хилла гвардин капитан Бороденко шолгІачу дийнахь дуьйна тІеман гІуллакхна пайденна хуьлучуьра дІавелира гуттаренна а.
…Йеха санитарни цІерпошт. Йуккъера Ази. Ташкент, кхузахь госпиталехь – кхо бутт…
Госпиталера протезций, Іасанашций араваьлла иза хІетахь дуьйна ву кху гІиргІазойн лаьмнашкахь. Столыпинан заманахь кхуза кхелхинчу украинцаша йиллинчу йуьртахь болх беш вара. Йуьхьанца – историн а, географин а хьехархо, тІаккха – ишколан директор.
Хьанна моьттура, хІара дахар иштта хаьрцар ду. Ткъа цуьнан сатийсарш, дахаран Іалашонаш?
Карлайелира ша Киевски университетан исторически факультетехь доьшуш хилла хан. ХІетахь цо шен дахарна хьалха йаккхий Іалашонаш хІиттайора. Уггар хьалха – Іаьржа йеха месаш, жугІара бІаьргаш долу аьрха Света Пантелейчук йало. ТІаккха, дика дешарца университет чекхйаьккхина, цхьаьний аспирантуре даха, шиннех а Іилманчаш хила.
Іалашо кхочушхуьлуш дІайоьдура, Светлана а йалийра. Шиммоа тІехдика чекхйаьккхира университет, ший а аспирантуре дахара.Николай Россин XIX бІешеран исторех дисертаци йазйеш вара, ткъа Светлана – арахьарчу мехкийн керлачу исторех. Амма эскарехь гІуллакхдан кхайкхаро, Николайн Іалашо цкъачунна йукъахйаьккхира. Делахь а, иза цуьрриг а шеквацара. Диъ шо дукха хан ма йац. Иза-х къона вара, цуьнан шортта хан йара аспирантура чекхйаккха а, шен Іалашо кхочушйан а. Цо тоамбора зудчун кхиамех. Николайс эскарехь гІуллакх дешшехь, Светланех историн Іилманан кандидат хилира. Иза цхьана Іилманан-талламан институтехь балхахь йара. Кхуьуш жима кІант а вара цаьршиннан. Николайн къеначу нанна шел ирсе стаг дуьненахь а вац моьттура.
ЦІеххьана – тІом. Цо дохийра Николайн доьзалан ирс. ТІом болабеллачу хьалхарчу деношкахь фашистийн бомбанаша дийра Николайн нана а, зуда а, кІант а…
Іилманча а цунах ца хили. Доьзал а бац. Аттала цуьнан ирс ца хили, и хьердаьлла фашистски экха, лаьллина, малхбузехьа а дигна, ша схьадаьллачу тунгари чу а доьллина, цигахь цуьнан корта отуш дакъалаца а. Ткъа цуьнан бІаьхаллин накъостий цига кхочуш лаьтта. Советски латта тоххара цІандина фашистех. ХІинца тІом Германин махка тІехь бу. Стохка дуьйна шаьш бинчу меттигашка йуха дІаоьху тІом болчу хенахь малхбалехьа кхелхина бахархой а. Цигахь йухаметтахІиттош йу йарташ, гІаланаш. Ткъа гвардин капитан хилла, амма хІинца заьІап хьехархо Бороденко кxy лаьмнашка а хиъна Іа.
ХІун дийр ду цо? Дийна йисина йиша а фашисташа Германе дІайигна. Хууш дац, иза дийна йу йац а. Цига йухавирзича а, дерриге а карладийр ду. Йуха а бастабаларна кхоьру хено берзийна деган чевнан муо. Изза кхоллам бу цуьнан зудчун а. Кху эвлахь, кху школехь девзина цаьршинна, кхузахь бозабелира цаьршиннан кхоллам.
Цуьнан майра а вийна Смоленскна уллохь хиллачу тIамехь, Курскехь йийна жима йоІ а. Цунна а ца лаьа Курске йухайерза.
Хало шераш ду хІорш. Цхьа къена нах боцурш, берриге а божарий фронтехь бу. Йуьртбахаман гІуллакх дерриге а зударийн кочахь дисина. Партийни а, советски а, колхозан а куьйгалла xІокху кхааннан карахь ду. Иза ша парторганизацин секретарь ву. Анастасия Федоровна – йуьртсоветан председатель, тІеман заьІапхо Сапар – колхозан председатель. Цара шайн ницкъ ца кхоош къахьоьгу фронтана. Дерриге а толамна, дерриге а оккупацех паргІатйаьхначу малхбузен областашна дІахьийзадо цара. Хала-м ду, амма йуьртара цхьа а вахархо вац чІеІаш. Царна хаьа, мостагІ вохийна, дІаваьккхича бен, Даймахкахь машаре дахар хІуттур доцийла. ХІинца цкъа-м хІор а доьзалехь бала бу. Дукха хан йу ловзарш, эшарш, самукъане иллеш ца хеза.
Йоьхначу тІе а таро йохийна нийсса шо хьалха кхуза балийначу нохчаша. ДІадаханчу шарахь, хІорш кхоъ мел гІертарх, цара латта дIа а ца дийра, массара а колхозан балха тІехь дакъа а ца лецира. Шаьш тахана-кхана Кавказе йухадоьрзур ду моьттуш, Іехабелла къинхьегамна йуьстахбевлла Іийра. Ткъа хІинца цаьрга мацалла хІоьттина. Махкаллин цамгарша ницкъ эшийна церан. Баларш хуьлу денна. Ткъа йуьртарчу Іедалан, колхозан а ницкъ бац царна гІо дан.
Складашкахь йолчух кІез-кІезиг дІало царна, амма цунах кхачо хилац. Шайга терра халачу хьоле хІиттийна цара бухара бахархой а. ТІом боцчу хенахь-м хІуттур дацара цаьрга и хьал, ткьа хІинца хала ду-кх.
Иза оцу гIайгІанечу ойланех йукъахваккха санна, цкъа-шозза меттах а хьайна, велхаозийра гаьнгали чохь вижина Іуьллу церан жима Вова. Николай Кузьмича, доккха са а даьккхина, шен кара къолам а эцна, хьалхауьйзира бицбелла Іохку Мария Петровнин дешархойн йозанан белхаш.
КІант а техкош, белхаш талла вуйлира иза. Амма хІинца цуьнан коьрте керла ойланаш хьийзара. Бес-бесара кехаташна, кехатийн кескашна тІехула йазйинчу хІор а цІеран шен-шен, амма цхьатерра биографеш йара. Петькин, Витькин, Аллин а дай фронтехь хІаллакьхилла. Доь доцуш вайна Маринкин да а. Любин да Прагехьа хьалхатеІаш ву, амма нана цомгаш Іуьллу.Ткьа Володин ваша, могІара салти, шина орденан кавалер ву. Машаре зама йелхьара, оцу берийн йаххьаш берийниш санна хир йара, ткъа хІинца уьш къеначу нехан санна йу.
Аьстамиров Берсин болх карабеача, цунна бІаьргашна хьалха хІутту Іаьржачу аматехь оза шийтта шо хенара жима кІант. Цуьнан баккхий кхиамаш бу литературин а, историн а, географин а предметашна. Амма иза ларавац оьрсийн меттан грамматикица. Николай Кузьмична гІайгІа хуьлу цуьнан болх таллар. ХІор а дашехь шишша-кхоккха гІалат. ХІетте а, Николай Кузьмична лаац, шиъ а диллина, цуьнан догдохо. Къинхьегамна тІера, дешарехьа боккха безам болуш, хьекъале бер ду иза. Цул сов, цаьршинна йуккъехь цІеххьана цхьа шатайпачу хьолехь кхолладелла доттагІалла ду…
* * *
Йуьртан а, школан а куьйгалхой мел чІогІа гІертарх а, церан ницкъ ца кхаьчнера школехь доьшу хан йолу нохчийн бераш дерриге а дешарна йукъаозо. Цуьнан кхоъ бахьана дара: нохчийн берашна йа гІиргІазойн а, йа оьрсийн мотт а ца хаьра. ХІокху махках а, кхузарчу къаьмнех а боьлла цахилар, шайна тІехІоьттина хало а. Цундела, школан хьехархойн коллективо къаьсттина а йоккха терго йора доьшуш долчу нохчийн кІеззигчу берийн. Занятеш чекхйевллачул тІаьхьа биллина дІа цаьрца болх бора, харцахьара лелча а, гечдора. Шаьш иштта церан догъэцча, важа дисина бераш а школе дахкаре догдохура хьехархоша.
…Дешаран шо доладелла бутт а балале, пхьоалгІачу классераБерса а, ворхІалгІачу классера Митька Величенко а валош Николай Кузьмичан кабинет чу йеара пхоьалгІачу классан куьйгалхо къона хьехархо Валентина Андреевна. Шина а кІентан йаххьашна тІехь сийна буьччалгаш а, цІийн хьоькхнаш а йара.
– Сан бехк бац! Иза ша хьалха летира сох! – мохь хоькхураМитькас, велха а воьлхуш, – даим массеран а кочахь ву иза. Цо сайна тІулг тоьхча, летта со. ТІехула тІе, ша, урс Іоьттина, сан гай хоьцур йу бохуш, кхерамаш туьйсура цо…
Берса, вист ца хуьлуш, оьгІазе шен довхочуьнга а хьаьжна, доккха са а даьккхина, соне вогІавелира.
– Митькас дуьйцург бакъ дуй, Берса? – хаьттира Николай Кузьмича.
Берса вист ца хилира.
– Гой хьуна, Николай Кузьмич! Бакъду, дера-кх! ДІатийний? Вистхила йуьхь ма йац цуьнан!
– Ткъа хьо вист ма хила! Хьоьга ца хоьтту цо. Хьан гІоггІал воцу Берса ма дика лета хьох? Хьайн бехк нахана тІетатта ма гIepтa! – Берсегахьа гІодаьккхира Валентина Андреевнас.
Баркаллех буьзна ши бІаьрг Валентина Андреевне а хьажийна, йуха а охьатаьІира Берса.
«Бераш – бераш ду-кх, – ойла йора Николай Кузьмича, цаьршинга а хьоьжуш, – шайниг дуьтий ца Іа уьш цхьаннахьа а, цкъа а. Чевне хІума ца хуьлура царна йукъадогІург-м. Цхьа сахьт далале, тан а тайна, цхьаьний ловзуш дІаволалур ву. Амма Митька иштта дIавахийта тарлур дац. Цхьанна гечдахь, бисинарш а эвхьазбевр бу».
– ХІаъа, дера, ду шу, Митя, дика кІентий. Вокх-воккханиг жимачух лета. Кху цхьана баттахь масазза а низам талхийна ахь. Классан куьлйгалхочо масазза а валхийна хьо. Хьайн къена нана ас педсовете кхойкхийла лаьа хьуна? Хьан да вийча, дагна хилла чов ца йоьрзуш, синтем байна хьийза, хІинца хьох гІайгІа a хилла лела иза. Вайн ирсан, вайн даймехкан дуьхьа шен дахар дІаделлачу хьайн ден, тахана гена Польшехь фашистех леташ волчу хьайн вешин, йерриге халонаш эшош, шена там-товр ца лоьхуш, церан дуьхьа кху цІахь дийнахь-буса а къахьоьгучу хьайн ненан жимма мукъа а ойла йан йезара ахь. Хьан хенара пионераш, фронтехь фашистех леташ, халкъан турпалхой а хилла, дІахІиттина, ткъа хьо… Дийцина а хІун до цуьнан!
Николай Кузьмича, пхьаьрсийн голаш стоьла тІе а хІиттош, шина куьйга корта а лаьцна, охьа а таьІна, доккха садаьккхира. Митька корта а оллийна хІоьтина лаьттара.
– Уроке гІуо ший а. Амма, хаалахь, Митя, нагахь ишттаниг хьох йуха а далахь, хьо школера дІавоккхург хилар.
Митя сихха араиккхира, ткъа Берса, меттах а ца хьовш, ша лаьттачохь сецира.
– Вало, Берса, уроке дІагІо, – букъа тІе дайн куьг дуьллуш, шеца хьалха дІаозийра иза Валентина Андреевнас.
– Со жимма тІаьхьа соцу, Валентина Андреевна, – элира вукхо, хьала а ца таьІаш.
Валентина Андреевна бІаьргашца хаттар деш Николай Кузьмиче хьаьжира.
– Іадвитахьа, Валентина Андреевна. ТIаьхьа тІевогІур ву иза.
Берсин цхьадолчу аматаша Николай Кузьмична дагавоуьйтура 1942-чу шарахь тІамехь шен бІаьхаллин хьуьнаршца берриге махкахь гІараваьлла хилла нохчийн кІант Нурадилов Ханпаша. Сталинград мостагІex ларйеш турпала воьжна иза дІавоьллинера Донан лаьттахь. Иза дара Николай Кузьмична чов хилале нийсса кхо бутт хьалха. Бакъду, Николай Кузьмична и ша цкъа а ца гинера. Амма цунна дика дагадогІура иза вийначул тІаьхьа Донски фронтан политурхалло арахецна плакат. ХІинца а шена гуш санна хетара оцу тІера къоначу нохчийн кІентан сурт. Маж-мекх далаза горга йуьхь, баккъал а аьрзучух тера майра хьажар, некха тІехь ЦІечу Байракхан а, ЦІечу Седанан а ши орден. Советски Союзан Турпалхочун цІе вийначул тІаьхьа йелира цунна.
ХІетахь Ханпашех лаьцна поэто Долматовскийс йаздина, бІаьхойн уггар дезачех цхьаъ хилла дІахІоьттина илли хІинца а дагахь хаьара Николай Кузьмична, хІинца а, цкъацкъа, ша висча, лоххачу озаца шена олуш меттигаш а йора. Дагахь лаьттара плакатан цхьадолу могІанаш а:
… «ТІемало-наьрт, тІемало-аьрзу, тІемало-рыцарь – иза йу турпалхочун-пулеметчикан, гвардин старши сержантан, комсомольцан Нурадилов Ханпашин бакъ цІе…
…Нурадилов Ханпашас шега схьаэцнера доьналла долчу нохчийн халкъан тоьлла гІиллакхаш: цуьнан турпалалла а, аьрзунан каделла а, цуьнан майралла а, къонахалла а, доьналла а…
… Нурадиловс шен пулеметца 920 фашист хІаллаквина…
… Хьажал хьо, бІаьхо, ламанан аьрзунан, турпалчу пулеметчикан Нурадилов Ханпашин суьрте! Кавказан турпалан, нохчийн халкъан кІентан бІаьхаллин хьуьнарш тІамехь доьналлин масал хуьлда хьуна а, хьан накъосташна а…
…ТІамехь кхерам хІун йу ма хаалахь, нохчийн халкъан доьналла долчу кІанта ма-иэшайарра, майрра иэшайелахь Іожалла…»
Дерриге а шен фронтан дахарехь политрук хилла Николай Кузьмич, газеташ доьшуш, дукхазза а тІеІитталора нохчийн халкъан кІенташкара дийлинчу тІеман хьуьнарех лаьцна долчу дийцаршна. Амма даиманна а цуьнан даг чохь висинарг Ханпаша вара. Ца дицдора тІаьхьа «Известия» тІехь ша дешна Нурадиловн коша тIехь цуьнан командиро диначу къамелера довха дешнаш а:
«Ламанан аьрзу! Иллеш дукхадезара цунна. ДІадевр ду шераш. Керлачу, хазачу зІаьнаршца лепар ду вайн дахар. Ткьа Нохч-ГІалгІайчоьнан ирсечу кегийраша, Донан мехкарша, Украинан кІенташа гвардин старши сержантах Нурадилов Ханпашех иллеш бохур ду».
Уьш дерриге а цхьана секундехь хьаьвзира Николай Кузьмичан коьртехь. Ткъа Берса, дІавоьгІча санна, ша хІоьттинчохь меттах ца хьовш лаьттара. Хьехархо, и шиъ шаьшша а витина, арайелира.
– Берса, хьан соьца гІуллакх ду? – хаьттира цо, шен ойланаш дІа а лаьхкина.
КІанта, вист ца хуьлуш, корта таІийра.
– Схьадийцал, цІахь бохам-м ца хилла вайна? Воккха стаг цомгаш хилла?
Берсас корта ластийра.
– Йа хьо хьуо могаш вац? Го суна, хІокху деношкахь йуьхь тІера бос байна, гІийла ву хьо. ЦІахь йуург йац хьан? Схьавоьл суна улло.
Берса, тІе а вахана, Николай Кузьмична хьалхха дІахІоьттира.
– Йу. Со а ву могаш.
– Ткъа хІун хилла хьуна?
– Николай Кузьмич, со сайн бехкенна ца летта Митех…
– Иза-м суна хууш ма ду. Ас-м ца вира хьо бехке. Цунна сецнера хьо?
– XIa-xIa. Митька коьртехь волуш цхьа масех кІанта, тІехбеттамаш беш, аравала а ца вуьту со…
– Забарш йеш ма хуьлу, Берса, – велавелира Николай Кузьмич, – забарш а йо, наггахь буй-тІара йеш меттиг а хуьлу, амма уьш тІаьхьало йолуш хІуманаш дац. Ас дош ло хьуна, Митькина тоххара дицделла хир ду шуьшиннан дов.
– Амма суна ца дицло. Диц а лур дац. Царна забар хиларх, суна забар йац цара йийриг… ТІехула тІе, иза йа дуьххьара а, йа суна цхьанна йина а ца Іа уьш…
– Ой, хІун ду иза, дан мукъане а? – цецвелира Николай Кузьмич.
Берсин ши бІаьрг хих буьзира, ца велха гІерташ, бухара балда чІогІа цергашца схьалецира цо. Логашад хьала-охьа уьдура. ТІаккха, жимма Іийна, берриге шен ницкъ тІе а гулбина, вистхилира:
– Бандит, фашист, йамартхо олий бен, сан цІе ца йоккху цара… Тхо, нохчий, Даймахкана йамарт хилла, бандиташ хилла, оха немцошна гІо дина бохуш, тІехбеттамаш бо цара…
КІант цхьа гІулч хьалха а тесна, велхаран маьхьарца шен маракхетча, дегІа тІера массо а чо ирахIоьттира цуьнан.
– Николай Кузьмич, ахь алахьа бакъдерг, – дерриге дегІ дегош, шен корта Николай Кузьмичан некха тІе а таІийна, воьлхура Берса. – Тхан йуьртарчу нахана бІаьрга а ца гина и бандиташ а, йа немцой a… Кхечахьа, генахь, хІун хилла суна хаац, со жима вара… Дадас а боху шена хІумма ца хаьа… Дядя Коля, алахьа, бакъдуй цара бохург?… Тхо, махках даьхна, кхуза схьа хІунда далийна?…
КІанта даррехь хьалхахІоттийначу хаттаро вохийра Николай Кузьмич. Мацах цкъа университетехь дуьненан историн муьлххачу а темина лаьцна кхиамца докладаш йина, лаккхара хаарш а, наггахь бен хуьлуш йоцу корматалла а йу бохуш, профессорша хестийна, шен эскаран декъехь тоьлла политрук хилла, шарахь сов хІор денна Іожаллина дуьхьал хІиттарх, цкъа а ца воьхна Николай Кузьмич, хІинца оцу жимачу кІанта велхарца деллачу хаттарна дуьхьал дала жоп ца карош, дегІе хьацар тоьхна, хиъна Іара.
– Ма велха, сан кІант, – элира цо эххар а, Берсин Іаьржа, жима корта шен некха тІе а таІийна, цуьнан гІоргІачу месех куьг а хьоькхуш. – Уьш цхьа а бакъ дац. Оцу масех кІанта, дуьххьалдІа хьо хьийзо шайггара даьккхина иза. Шу схьа хІунда далийна суна ца хаьа. Гитлеровски фашисташа болийначу кху неІалт хиллачу тІамо массо а ваьккхина шайн махках а, доьзалх а, йиша-вешех а. ХІинца цкъа цхьанне а дац атта. Амма хІинца тІом чекхбала герга бу. ТІаккха хуур ду вайна дерриге а. Ткъа хьо а жима ву. Цхьана а хІуманан ойла а ца йеш, тІетаIІий деша. Воккха хилча, Іилманах кхетча, хьуна хьайна а хуур ду дерриге а…
Николай Кузьмича, шен киснара схьадаьккхиначу кІайчу йовлакхца кІентан йуьхь тІера бІаьрхиш дІа а даьхна, цуьнан пханарш тІе а хевшина лаьттачу бекъачу букъах дайн куьг туьйхира:
– Ткъа хІинца уроке гІуо, сан кІант. Берашка а ас эр ду, ишттазабарш кхин ма йелаш аьлла…
КІант классе дІа а вигна, йуха чувеана Николай Кузьмич шена хьалхахІоьттинчу халачу хьолан ойла йан охьахиира. И дешнаш цунна хезнера хьалха а лахара кхетам болчу цхьацца баккхийрачу нахехь а. Амма баккхийниш совцо атта дара. ХІинца дерг ша ду. И зуламе эладита берашна йуккъе даржаро пайда бийр бацара. Амма, муха сацо деза иза? И эладитанаш бакъ дац бахарх, уьш совцур бац. Царца тІетаьІІина кхетаман болх бан беза. Муха, мичара дІадоло деза? Николай Кузьмична шена а ца хаьа бакъдерг. Амма иза тешна вара дерриге халкъ бехке цахиларх. ТІехула тІе, шайн заманахь Маркса а, Энгельса а лаккхара мах хадийна оцу халкъан. Цунах лаьцна диканиг аьлла Сталина а, Орджоникидзес а, Кировс а, кхин дуккха а большевикийи партин деятельша а. Ткъа хІинца хІун хилла? Ца хаьа. Нагахь оцу гІуллакха тІехь цо политически гІалат далийтахь, тІаккха а хир ду гуттар доьхнарг. Амма гІуллакх иштта дуьтийла-м йац…
Дуккха а ойланаш йиначул тІаьхьа, цо сацамбира суьйранна педсовет гулйан. Оцу дийнахь шеца хилларг а, шен хилла сацам а зудче дІабийцира цо.
– Хаац суна-м, Коля, хьуна хІун аьлла хьехар лур ду, – элира. Мария Петровнас, майрачуьнга леррина ла а доьгІна, тІаккха, дикка ойла а йина, тІетуьйхира: – Ахь схьалаьцнарг политически маьІна долуш гІуллакх ду. Цхьа бехк ца баьлча, дийнна халкъ махках доккхур дац. ДІогахь, коьрттехь хиъна Іаш Сталин ма ву дерриг хууш, гуш а. Цхьа бахьана ца хилча, цо хуьлуьйтур ма дацара иза.
– Сан даго ма боху соьга, кхузахь дийнна халкъ бехке хила йиш йац, – шениг дуьйцура Николай Кузьмича. – ХІан-xIa, Maшенька, со советски стаг, коммунист а ву, со Іелур вац бакъдерг дІа а таІийна. ТІехула тІе, сан йоллу ойла йолуш со цхьаъ хилла а ца Іа. Йа хьо хьуо а ца теша айхьа дуьйцучух. – Иштта-м ма дара иза, Коля. Амма, ахь гІалат далийтахь, бохам хир бу-кх вайна. Ас йийца ма ца оьшу хьуна хIара зама. Ког когах кхетта а, галвалахь, вахана агІо ца хоуьйтуш, тІепаза войъу. Хьанна хаьа, вайн коллективехь хила а тарло хьуна бохам хила лууш стаг. Цул, айхьа цхьаъ доладале, цкъа хьалха Рахманкул Жапаровичах дагавалахьа. Шуьшиннан вовшех лачкъийна хІума а дац.
ІІІ
Школан дешаран декъан заведующис Рахманкул Жапарович Юсуповс леррина ладуьйгІира Берсин хьокъехь Николай Кузьмича шега дийцинчуьнга. Амма, и гІуллакх педсовете дилла цуьнан сацам хилар хиъча, резавоцуш корта хьовзийра цо.
– Мегар дац иза, Николай Кузьмич. И тайпа гІуллакх педсовете ца дуьллу.
– Ца мага хІун ду кхузахь? Бераш кхетош-кхиош дац ткъа вай? Бахархошна йукъахь кхетаман болх бан декхар дац ткъа вайн?
– Амма вайн школин программина а, хьехархошна хьалха лаьттачу декхаршна а йукъадогІуш дац партин а, правительствон а сацамаш школашкахь бийцаребар. И халкъаш партин а, правительствон а сацамца махках даьхна. Дисинчух хьо кхеташ хир ву моьтту суна.
Николай Кузьмич хьаллагІеттира.
– Делахь хІета, кхоьру-кх хьо? – кІоршаме Іоттар йира цо Рахманкулна. – Ленински кхайкхамца партин могІаре хІоьттина, Ленинан весеташ кхочушдан дуй биъна, хьо шира большевик а йухаваьлча, партехь боцчу хьехархошка дийца сан хІумма а дац!
Оцу шен моханца аравала дагахь дІаволавелла иза сацийра, вагийча санна, цІеххьана хьала а иккхина, бІаьргех долу куьзганаш катоьхна дІадаьхна, сурт даккха санна, цуьнан бІаьргаш чу вогІавеллачу Рахманкула. ТІера массо чо а боьжна, хІоа санна, цІанбелла корта, лекха, шуьйра хьаж, хьекъале, гІайгІане ши бІаьрг, оза, йеха йуьхь, ло санна, кІайн маж, йуккъера даьІахк ца хаалуш, ведбелла, кхоьссина тІелатийча санна, шуьйра мара…
БархІ шо хьалха горга йуьхь-марш, Іаьржа маж-мекх а долуш цхьана буса меттара а гІаттийна вигна элдарчу дегІара Рахманкул, кхо бутт балале, набахтехь къежвина, букар хьовзийна, йуьхь эрча а йаьккхина, Колыме хьажийра. Дуккха а дехарш, аьрзнаш диначул тІаьхьа, тІом болабеллачу шолгІачу шарахь цуьнан аьтто хилира цигара дІа фронте ваха. Амма Рахманкулан шершинчу кого иза меттахІотта ца вуьтура: цо дакъалаьцначу дуьххьарлерчу тІамехь луьра чов хилла иза, вехха госпиталехь Іиллинчул тІаьхьа цІа а вирзина, кху школехь тийна болх а беш хан токхуш вара.
Николай Кузьмич валлал дохковаьллера ша ойла ца йеш аьллачу дешнашна. Цунна гора Рахманкулан лекхачу хьаьжа тІе оцу минотехь хьацар тухуш.
– Накъост Бороденко! Со большевикийн партин, советски даймехкан кІант ву, – элира Юсуповс лохачу озаца, амма сацамболлуш. – ХІаъ, ас дуй биъна Ленинан весеташ кхочушдан. И дуй бара сан дахарехь хала даьхкинчу деношкахь суна ницкъ а, собар а, къонахалла а лург. Хаалахь, партина, халкъана тешаме хилла со лаьттан кийра воьрзург хилар!
Рахманкула, охьа а хиъна, шен хьаьжа тІе а, коьртах а йовлакх хьаькхира.
– Гечделахь суна, ойла а ца йеш, ас и дешнаш аларна, – бехказвала гІоьртира Николай Кузьмич. – Кхетий хьо, Рахманкул Жапарович, сан чIогІа дог лозу оцу нохчех… Тахана хилларг дуьххьара хилла гІуллакх ма дац. Айса иза иштта Іаддитахь, суна сайх чекх са гур ду. Вай-х, советски адамаш хилла ца Іаш, хьехархой, коммунисташ ду. Хьуна-м суначул а дика хаа ма йеза къаьмнийн хьокъехь йолу ленински политика.
Николай Кузьмич луьйчура сецча, цуьнга хьала а хьаьжна, догцІена велакъежира Рахманкул.
– Суна хІунда дуьйцу ахь иза, Николай? – элира цо хьала а гІеттина, тІевахана, Николай Кузьмичан белша тІе куьг а диллина. – Суна дика хууш ма ду уьш дерриге а. Хьо жима ву, цундела сиха а ву. Сихалла дика ма йац, цо стаг хІаллакво. ТІехула тIе, стеган ларлуш хилар кІиллолла а ма лара цкъа а. Суна гинарг хьайна гинехь, ас лайнарг айхьа лайнехь, хьо а хир вара ларлуш. Стенна оьшу, цхьанне а пайда а боцуш, эрна хІаллакьхилар? Co лоцучу шарахь сол хьалха сан накъостий лийцира. Царна йукъахь бара берахь дуьйна соьца цхьаьна кхиънарш а, дуккха а хенахь соьца балхахь цхьаьна лаьттинарш а. Халкъан мостагІий бу аьлла, лецнехь а, партина а, халкъана а тешаме, хьанала нах уьш хиларх тешна ву со даим. Ас, цаьргахьа гІодоккхуш, бакъдерг элира. ТІаккха со а туьйхира царах дІа. ХІинца цкъа царах хилларг цхьанне а ца хаьа. Цхьанне а ца хаьа, цхьа а тайпа баьлла бехк боцуш, тхо бехкедина хилар а. Халкъан мостагІий ду аьлла, адамашна хьалха тхуна тІе кхоьллина цІе хIинца а дІайалаза йу. Партина, халкъана, даймахкана хьалха со цІена хилар, суна санна, нахана а хаахьара, тахана а со валарх шеквер вацара со. И де цкъа тІекхочург хиларх теша со, хІунда аьлча сайна тІехь хІоттийначу харцонна ас бехке ца йо парти. Империализман гуонна йуккъехь дохку вай. Партин могІаршка, партин, советийн органашка балха нисбеллачу мостагІийн болх бу иза. Амма партин а, халкъан а бекхамах кІелхьарбевр бац уьш. Со хьоьга хІун ала гІерта аьлча, хьо ларлуш ца хилча, и сайх хилларг хьох а хиларна кхоьру со. Вайшиннан вовшех къайле йац, цундела дуьххьалдІа боху ас хьоьга: нохчий Даймахкана йамарт хилла, уьш бандиташ бу бохуш, и эладита ша-шаха кхолладелла дац. Къайлах даржош ду. Иза хьуна хьайна а хаьа. ХІетте а ву хьо даррехь нохчий реабилитировать бан гІерташ. ХІан-хIа, Николай, дуьхьал ву со и Берсин гІуллакх педсоветан заседане хІотторна. ТІех шуьйра публика йу иза. Суна а ма хаьа оцу халкъашна тІехь йинарг ирча харцо йуйла. Амма вайша тховса, хьехархой а гулбина, цІенна дІадийцахь, вайша кхана сарахь цІахь-м хир вац. Иза бакъдерг ду хьуна. Вайша хIаллакьхилча, нохчий шайн махка боьрзург хилча-м, вайша, бІаьрнегІар ца тухуш, лийр ма вара. Вайша хІаллакьхир ву, ткъа нохчашкара бала цуьрриг а байлур бац.
«Машас дуьйццург ду-кх хIокхо дуьйцург а, – ойла йора Николай Кузьмича, – школерчу дешархошна йукъахь орам тосуш шовинизм йу, ткъа со, школан директор, коммунист, йуьстах а ваьлла Іен веза. ХІан-хІа, иза хуьлийтийла дац…»
Николай Кузьмича, гІанта охьа а хиъна, доккха садаьккхира.
– ХІета, берашна йукъахь шовинизман ун а доржуьйтуш, цуьнга биэндоцуш хьоьжуш Іийр ву-кх вайша. Иштта бохий ахь соьга?
– XIaн-xIa, Николай, ас иштта ца элира хьоьга. Ас-м, ларлуш хила, бохура. Ахь, тховса хьехархой а гулбина, къаьмнийн доттагІаллин хьокъехь долу гІуллакх царна хьалха а хІоттийна, оцу агІор берашна йуккъехь кхетаман болхбар царна тІедожорах вайн нисдала хІумма а дац. Хьан приказ, йа педсоветан сацам кхочуш-бархьама, берашца къамелаш деш цхьана дийнахь цхьацца бахьанаш лело а мега цара. Амма шайн къамелашкахь цара нохчий бакъ беш дош а эр дац, йа ала а баьхьар бац. Йа цара хьуна луъучу тайпана берашца къамелаш дича а, оцу берийн дегнаш чохь хьуна йита луу лар а йуьсур йац. Оцу хьехархошка, цаьргахула берашка а, шайгга ойла йайта йеза оцу гІуллакхан. Уьш шайн синкхетамца тешийта беза, ахь ма-аллара, вуон, зуламе халкъ дуьненахь цахиларх, хила йишйацарх, советски халкъийн бертахьчу доьзалан членех и цхьаъ хилар а, массеран йоллу бакъо хила иза хьакъхилар а. Амма муха дан деза иза? Кхузахь жимма ойла йан йеза. Ас сайна хетарг эр ду хьоьга. Гой хьуна, Николай, хьо украинец ву, хьан зуда оьрси йу, со узбек ву. Тайп-тайпанчу къаьмнех долу вай кхоъ оцу нохчийн бала кхаьчна хьийза. Кхечу агІор хила йиш а ма йац иза. Вайн советски халкъийн цхьа Даймохк а, цхьа Іалашо а, цхьа некъ а бу. Цундела советски халкъийн доьзалехь муьлххачу а халкъана хилла бохам, лазам вукху дисинчийн дагах кхета.
Стоьла тІехь лаьттачу графина чуьра хи стака дуьззина чу а доьттина, дІа а мелла, шен сирачу мекхех дайн куьг хьаькхира Юсуповс.
– И нохчий, кхуза схьабалабаллалц, цкъа а суна гина адамаш дацара. Къилбаседа Кавказехь бехаш нохчий, гІалгІай буйла а, церан шайн автономни республика йуйла а хаьара суна. Амма кхин дІа царах лаьцна хІумма а ца хаьара. Ткъа нохчий схьабалочу хенахь, кхузахь дуьйцура, уьш бандиташ, разбойникаш, къуй бу, цара, котам йуьйчул башха ца хеташ, шаьлта а хьокхий, стаг воь бохуш. Со а, со саннарш-м а ца тешара оцу эладитанех, амма тешарш а дуккха бара. Хьуна ма хаьа и дерриге а. Суна хетарехь, адмийн исторехь хилла йац дийнна халкъ бехкедеш, дийнначу халкъана тІехь таІзар деш меттиг. Нагахь хиллехь а, суна ца хезна. Ткъа, бала а бина зударий, бераш а, къена нах а кхуза охьатийсича, меца, гІийла, махках бовларна дегнаш доьхна уьш сайна гича, оцу суьрто соьга ойла йайтира. ХІара хІун къам ду-те, сил луьрачу таІзарна кІел дожа, кхунах хІун бехк баьлла-те аьлла, дагадеанчу ас, цкъа районе вахача, библиотеке а вахана, справочни литература кегийра. Доцца аьлча, йоккхачу советски энциклопеди тІера Кавказски тІамах а, нохчех а, церан республикех а лаьцна статьяш йийшира ас. Дуьззинчу шина бІе шарахь цара турпала къийсам латтийна шайн къоман маршонехьа паччахьан колонизаторшна дуьхьал. Оцу шина бІешеран къийсамехь паччахьан инарлаша къиза хІаллакбина уьш. Байъина, Сибире хьийсийна, эзарнаш доьзалш Турце кхалхийна. Со чІогІа цецвуьйлу и халкъ дуьззина хІаллак ца хиларх. Шайн коча доьллинчу олаллица машар бан ца туьгуш, турпала къийсам латтош, Октябрьски революцина тІе а баьхкина, уггар хьалха революцигахьа а бевлла, шайн махкахь советски Іедал а хІоттийна, социализман толамехьа жигара къахьегна цара. Сайна хиъначо соьга кхин а кІорга ойла йайтира. Шайн къоман маршонехьа, мехкан бозушцахиларехьа дуьненахь а уггар йоккхачу, нуьцкъалчу империна дуьхьал иттаннаш шерашкахь къийсам латталур ма бацара бандиташка, къизачу, йамартчу халкъе. Революцин хьалхарчу деношкахь цуьнгахьа а бевлла, шайн махка тІехь советан Іедал хІоттор дарий-те бандиташа, йамартхоша? Оцу хаттаршна жоьпаш лоьхура ас. «ХІан-хІа, царна тІехь йинарг ирча харцо йу, – бохура ас сайга. – Царна йукъахь йамарт, зуламе нах хилла хир бу. Уьш хІор а халкъах бовлу. Амма йамарт, зуламе халкъ хилла а дац, йа хила йиш а йац. Адам доьхна лелачу кху тІеман заманах пайда а эцна, партина а, халкъана а ца хууш, йа парти а, халкъаш а Іехийна, халкъан мостагІаша дина гІуллакх ду иза. Цуьнан шеко йац. Иштта, бехк боцуш бехке ца вира со? Иштта, бехк боцуш бехке а бина, хІаллак ца бина партина, халкъана тешаме сан накъостий, доттагІий?» Амма сайн и ойланаш ас лачкъийра. Кхераме йу иштта ойланаш. ХІун дан деза аьлча, оцу гІуллакхна дуьхьалдІа маІашца тІе а ца гІерташ, флангехула тІеваха веза. Хьехархошна, берашна и халкъ довзийтича, церан цуьнга безам гІуриг хиларх дог тешна ву со. Историн урокашкахь теманаш йу Кавказски тІамах, Шемалах лаьцна. Оьрсийн сийлахь-баккхийчу йаздархоша нохчех лаьцна боккхачу безамца йазйина произведенеш а йу. Урокехь а, урокал арахьа а царах пайдаэцча?
ХІетталц кхоьлина, гІайгІане хилла Николай Кузьмичан йуьхь цІеххьана йекхайелира.
– Баркалла хьуна, Рахманкул Жапарович, – тIe а вахана, Юсуповн чІоггІа куьг лецира Николай Кузьмича. – Со гІалатах ларварна а, суна нийса некъ гайтарна а, баркалла хьуна. Тховса цхьа план а хІоттийна, йуха а цкъа хьох дагавер ву со.
«Ой, и дагадан-м ма дезара суна! – ша-шех цецвуьйлура Николай Кузьмич тІаьхь-тІаьхьа а. Баккъалла а аьлча, приказца тIeтeІopax нислур долуш хІума а ма дац хІара. Приказ – приказ ду. Рахманкула ма-аллара, коьртаниг – цара шаьш дийриг кхеташ, шаьш дечух тешаш дар ма ду. Рахьманкула дуьххьал схьа ца аьллехь а, йеккъа мершок а йу со. Амма дика болх а хилла-кх Машас со хІокхунна тІехьажийна…»
…Багара ца ходуьйтуш цигаьрка а уьйзуш, буса вехха Іийра Николай Кузьмич оцу гІуллакхан ойла йеш. Уггар хьалха цо схьалаьцнарг иссалгІачу классан учебника тІера дІадаханчу бІешеран кавказски ламанхоша паччахьан колонизаторшна дуьхьал латтийначу къийсамах лаьцна тема йара. Оцу къийсамехь йоккха меттиг дІа ма лаьцна барамехь царалахь уггар доккха хиллачу нохчийн къомо. Маркса, Энгельса, оьрсийн прогрессивни интеллигенцис а оцу заманахь нохчийн халкъан лаккхара мах хадош аьлла дуккха довха дешнаш а ма ду. Ткъа граждански тІеман заманахь? Сталинан, Орджоникидзен, Кировн белхаш боьшуш, иза ду-кха тІe ма Іиттавелла цара нохчех лаьцна йаздинчу могІанашна.
Николай Кузьмичан йуьхь цІеххьана йекхайелира. Нохчийн халкъан истори а Іамийна, школехь дешархошца исторически суьйре вовшахтоьхча? ДуьххьалдІа, цхьа бахьана а доцуш иза дар-м дика а хир дац. Машас ма-аьллара, ас гІалат далийта а тарло. Нохчий реабилитировать бан гІертарг хир ву со. Дерриге а дІадоло деза иссалгІачу классехь. ТІекхочуш йолчу дІадаханчу бІешарахь ламанхоша шайн къоман маршонехьа латтийначу къийсаман темина тІера. Оцу урокашна дика кечам а бина, берийн тидам царна тІехьовзо беза. Кхузахь гІо далур ду Машега а. Оьрсийн йаздархойн дахар а, кхолларалла а Кавказца чIогІа йоьзна ма йу. Оцу дерригенах лаьцна йолу литература гул а йина, школан библиотекехь выставка йича?
…Массо а цецваьллера хьехош а йоцу педсовет директороцIеххьана гулйарх. Школехь болх а дика дІабоьдура, дерриге гул а делла, дийцар дан оьшуш гучудаьлла гІуллакх а дацара. Берриге членаш схьагулбелча, чувеанчу Николай Кузьмича, ша хиьна Іачуьра хьала а ца гІоттуш, цхьа а тайпа официале кепаш йукъа а ца йалош, хьехархошна дІадийцира оцу дийнахь берашна йуккъехь хилла дов.
– Шуна ма-гарра, сан Іалашо йац, и гІуллакх дийцаре а диллина, къамелаш дойтуш, заседани йахйан, – элира цо. – Вай советски хьехархой ду. Ас шуна хьеха оьшуш йац къаьмнийн хьокъехь йолу ленински политика. Йуьртахь хьалха а хезна суна, шуна хезна хила а тарло, лахара кхетам болчу цхьацца наха нохчийн халкъах лаьцна даржийна цхьа а тайпа бух боцу эладитанаш. Вайна цхьанне а хууш дац и халкъ махкахдаккхаран бахьана. Гитлеровски мехкашдІалецархойх вайн Даймохк маьршабоккхучу тІамехь дакъалоцуш ду вайн махкара дерриге халкъаш. Доккхачу халкъо, ша доккха хиларе терра, доккха дакъалоцу, жимачу халкъо, шен жималле хьаьжжина жима дакъалоцу. Амма массара а Іенориг цхьа цІий ду. Нохчийн халкъан дуккха а кІентий бу тахана а фронтехь майра леташ. Хьанна хаьа, оцу жимачу халкъана йукъахь цхьа йовссарш йевлла а хила тарло, советски Іедал ца дезаш, Даймахкана дуьхьал йамарт куьг айбина. Ишттаниш массо халкъа йукъахь а хилла, болуш а бу. Амма нийса хир дац, и йовссарш бахьанехь, вай дерриге а халкъ бехкедича. И бераш, зударий, къена нах хІуманна а бехке бац. Вуон, зуламе адамаш массо къомана йукъахь а ду; амма вуон, зуламе халкъ дуьненахь хилла а дац, хила йиш а йац. Халкъ – халкъ ду. Хила а хилла, хир а ду. Аш дика ойла йича, шуна хуур ду, нохчашна хилла бохам вайна массарначул a тlex беза a, хала а хилар. Цундела церан догъэца деза вай, церан деган чевнах хьакхадаларх лардала деза. Со парторг а, вайн коллективан куьйгалхо а хиларе терра, ас декхарийла до шу, деха а доьху шуьга, оцу эладитанех дешархой ларбар а, бахархошна йуккъехь и тайпа хабарш дуьйцуш стаг нислахь, иза, кхетош, нисвар а.
Хьехархой дІа а бахийтина, ша висина Николай Кузьмич, багара ца ходуьйтуш цигаьрка а уьйзуш, вехха Іийра оцу гІуллакхан ойла йеш. Цо тоам ца бора ша накъосташка диначу къамелах. Приказ – приказ ду, амма коьртаниг цара шаьш лелориг кхеташ а, тешаш а лело дезар дара.
Школехь кхин долу гІуллакхаш дерриге Іадда а дитина, шолгІачу дийнахь районе ваханчу Николай Кузьмича и де дерриге а, партбиблиотекехь а, райбиблиотекехь а книгаш кегош дайъира. Цуьнан болх дІаболабелира тІаьххьара а арахецначу Советски йоккхачу Энциклопедин ткъе итталгІачу а, кхузткъе цхьаалгІачу а шина тома тІера. Царна тІера нохчийн исторех лаьцна статьяш йешча, цуьнан шен а боккха тидам тІебахара нохчийн халкъан историна.
Николай Кузьмича дагалаьцначу гІуллакх тІехь доккха гІо дира Мария Петровнас а. Классал арахьа урокашкахь дешархошца цо йоьшура Пушкина, Лермонтовс, Толстойс йазйина произведенеш, литературни кружокехь кІорггера довзуьйтура оцу сийлахь-баккхийчу йаздархойн Кавказца доьзна дахар а, кхолларалла а.
Цул тІаьхьа цхьанне а цкъа а ца хезира нохчийн берашна тІехбеттамаш беш а.
Оцу хьелашкахь тасаделира Николай Кузьмична а, Берсина а йукъахь и шатайпа доттагІалла…
IV
ТІаьххьара бисина болх а теллина, дегІана жимма йал йан дагахь дІатевжинчу Николай Кузьмична сема наб озийра. Амма иза самаваьккхира велха волавеллачу Вовас.
– Ца оьшу тхуна дечиг, бабушка, ца оьшу! – хезара цунна уьйтІахь хІусамнанас цхьаьнга бен латкъамаш. – Шу дийнахь цхьа-шиъ веана Іийча а, цхьа хІума дара, шу-м масийтта вогІий. Ас хІун лур йу шуна? Бац-кх сан аьтто!
«Йуха а нохчий бу-кх, мисканаш!» – аьлла, доккха садаьккхира Николай Кузьмича. ТІаккха, хьала а гІеттина шен протез цІийзош, неІаре а вахана, арахьаьжира иза. Гихь тІедачу дечиган кегийра маххьаш а долуш уьйтІахь догІанехь лаьттара ши зуда.
– Маша! Схьа чукхайкхахьа и шиъ.
Дуьхьал жоп ца луш, чуйеана Мария Петровна неІарехь а сецна резайоцуш майрачуьнга хьаьжира.
– ХІун дан воллу хьо, и шиъ чу а йалийна?
– ХІун дан воллу бохург, хІун ду? Вайн йерг цаьрца йоькъу-кх.
– ХІан-xIa, сан хьомениг, тоьар ду. Вай ваьш а ду халла лол бетташ хене довла гІерташ. ТІехула тІе, ас оццул хала кхиийна йалх котам а лачкъийна сан цара. Сийсара тІаьххьара йисинарг а йаьхьна.
– Оцушимма лачкъийна хьан котамаш?
– Хаац суна. Нохчаша-х лачкъиний уьш.
– Иштта долуьйту-кх стага шех гІалат! Хьанна хаьа, нохчийн халкъана йукъахь цхьа масех йовсар йаьлла хила тарло, уьш бахьанехь дерриг халкъ махках даьккхина. Уьш бахьанехь халачу таІзарна кІелъэгна бехк-гуьнахь а доцу зударий, бераш, къена нах а. Хьо а гІерта изза дан. Цхьамма хьан котамаш йаьхьна, хІинца хьо кхузарчу берриге нохчех бекхам эца гІерта. Ахь йийриг нийсо йац, Машенька! Кхузахь мел дина къола оцу мискачу нохчашна тІетоьтту. Амма цхьа нах зовкх хьоьгуш бу-кх, дерриге а царна тІе а тоьттуш.
– Цара бен ца лачкъийна сан котамаш. Суна дика хаьа иза.
– Сан Дела, ма доккха зиэн дина-кх ахь тхуна! Йалх котам! Дийнна йалх котам! – гуттар беламе йуьхь а чІачкъийна, корта хьийзабора Николай Кузьмича.
– Виэла хьо. Хьо виэла а мегар ду. Хьайна хьалха йиллинарг йиъчахьана волуш волу, – дегабаам бира Мария Петровнас.
– ДІайалахьа, Машенька, йалх котам бен йуй уьш? Йалх нал йайча а хьийзар ма вац, хьо санна, бІарзвелла. Дика лачкъайо! Мацалла бала-м ца беза уьш? Цхьа хало тІеІоттайелча-м, вала охьавожа ца везий, ткъа шен дахарехьа къийса деза. Хьуна баккъала а ала лаахь, сан безам бу оцу нохчашка. Хьуна хьайна а ма хаьа церан истори. Цхьана а заманахь, цкъа а ца севцца уьш боьхна. ХІан-хІа, Машенька, оьрсийн гІарабевллачу прогресивни кІенташна уьш безар эрна ца хилла! Шаьш ма-йарра ламанан аьрзунаш йу! Ткъа хІинца, ара а йалий, чукхайкха и шиъ. ГІиллакхехь а ма дац, и ши миска уьйтІа, догІане а хІоттийна Іар!
Шен йайна котамаш дагайаьхкича, Мария Петровнина цІеххьана тІейеана моха иштта сиха дІайайра. Ша барта хІуъу дийцахь а, дагахь кхин дара цуьнан. Цхьа диканиг дан шена дагадеача, шеначул а тІех майрачунна изза лууш хиларо йоккхайейора иза.
Шайн гира маххьаш охьа а дехкина, хотташа йуьзна чуйеана ши зуда, халла къаьсташ маршалла а хаьттина, ийзалуш неІарехь сецира.
– Ой, Зану, хьо йац иза? – цецваьлла, хьалагІеттира Николай Кузьмич. – Маша, хьуна ца йевзира хІара? Бехк ма биллалахь, Зану, хІокхунна хьуо ца йовзарна. Іаламат хийцаделла хьан йуьхь-сибат. Машенька, кхин а цхьа гІант хІоттадехьа стола улло!
ХІусамнанас стола улло хІиттийна гІанташ неІарехьа а оьзна, царна тІе охьахиъна ши зуда ийзалуш чухула дІасахьаьжира. Муха ца ийзало, хІокху цІа чохь цІена дара, ткъа и шиъ хотташа йуьзна, тІадийна лашкайаьлла йара. Царна и шиъ жерга хетахь? Ца хетийла а дац. Довхачу цІа чохь малйеллачу мачашна тIера, даьтта санна, лелина цІун, кегийра Іаьмнаш хІиттош, цІенкъа Іийдалора. КІамлора дегІ а, амма мІараш хьакха йиш йацара. ОххІай, ма дохкойаьллера-кх и шиъ чуйарах! ХІусамдай чохь цІена Іаш, догдика, оьзда нах бу. ГІиллакхна цара чуйола аларх, йогІуш хуьлу ткъа? Хьанна хаьа, церан дагахь дерг хІун ду? ХІун гІуллакх дара, хІокхарна хІара гатто йан? Амма хаза-х ма ду кху довхачу цІа чохь. ХІетта деттинчу бепиган хазачу хьожано, дагна там беш, цергех хи туьйсуьйтура. Mepo схьалецира хи чу йоьхкинчу наьрс-помидорийн хьожа. Ма дика хир дара-кх хІусамнанас цаьршинна цхьацца цастар бепиг а, цхьацца наьрс а йелча…
Ткъа дохлуш долу догІмаш тІетта тІе кІамлора.
– Машенька, хІуъу лой а, йуург лохьа цушинна. Миска Зану йаІ, баланаша гІелйина-кх хьо. ДІайаханчу аьхка хьайн майрачуьнца цхьаьна со шайга веана дагадогІий хьуна? – хоьттура Николай Кузьмича. – ХІаъа, хеназа кхелхи Маил. ХІун дийр ду ткъа, иштта дуьне ду-кх хІара. Велларг дІавуллу, висинарг веха. Кху заманахь цхьа а вац дуьненах сакъералуш. ХІор а доьзале бала беана тІамо. ХІетахь шаьш хиллачу цІеношкахь йуй хьо?
– ХІан-хІа, сайн марваша волчохь Іаш йу со
– И цхьа пхьарс сакхат берг вуй иза? Иза-м ца хилла фронтехь?
– Ца хилла, дера-кх. Мацах цкъа нохчийн ловзаргахь девнаш даьлча, цхьамма шаьлта тоьхна сакхат бина цуьнан иза.
– Дов хьаштдоцу хІума йу. ТІехула тІе, шаьлта хІунда туху?
Буй-тІара йина, дерзо а ца мегара?
Шена оьрсийн мотт кІезиг хааре терра, къамелна кІорге ца гІерташ, Николай Кузьмичан хаттаршна доцций жоьпаш а луш Зану а, йист ца хуьлуш Хелипат а хиъна Іара. Ткъа Николай Кузьмича, хІуъу дина а, кхушиннан самукъадаккха гІерташ, ца соцуш хабар дуьйцура.
Уьш иштта Іашшехь, Мария Петровнас, стоьла тІе йуург a xІоттийна, ши зуда шуна тІекхайкхира. Цаьршинна гора тІера йуькъа Іаь гІуьтту чорпанах дуьзна ши бошхап, мекхан бепиган кІеда цастарш. Чорпи чуьра ах гучу а йевлла гун масех картол думин цуьргех тарлора; цергех хи доладелира, хи чу йоьхкина копасташ чохь кад гича. Амма ши зуда, шуьна тІе ца хуьлуш, йехха Іийра. Эххар а, вовшашка а хьаьжна, хьала а гІеттина, шаьшшиннан гІанташ эцна, йахана охьахиъначу цаьршимма, Іайгаш кара а лаьцна, тІехулара схьаэцначу чорпанах меллаша цхьацца къурд бира. Гор йаІ, ма мерза, чомехь йара-кх и ши-кхо картолг йукъа а тесна керлачу копастех йина чорпа оцу мекхан бепигца йууш! Моьттура, иштта мерза кхача дуьнен тІе йаьлчахьана цкъа а ца биъна. Йалтех рицкъа кийра дахаза мел хан йаьллехь а, и шиъ сих ца лора йуучунна тІехь. Сихха кхачорна кхоьруш, цуьрг дожа ца дуьтуш, кІез-кІезиг доккхуш, марзо оьцуш, дехха бепиг Іуьйшуш, тата доцуш чорпех къурдаш деш, шуьна тІехь ма-хуьллу хан йахйан гІертара и шиъ.
– Йузайелахь и шиъ, вайна бухахь цуьрг ца дитий а, – бохура Николай Кузьмича шен зудче. – Мисканаш йаІ, ломара дечиг кхехьа ницкъ бу ткъа шуьшингахь? ХІара цІемза де, гена меттиг…
Мария Петровнас, йай карахь тІе а йахана, йуха а бошхепаш дуьзира. Николай Кузьмична гира Занун накъосто шена хьалха Іуьллу баьпкан ши цастар хьа а ца деш, йеккъа борщ муьйлуш.
– Бепиг кхоллуш йаа, – куьйгаишарца йоккха стаг кхето гІоьртира иза.
Бехкала йахана йиэла а къежна, Зануга масех дош элира йоккхачу стага.
– Хелипатан цІахь кхо бер ду. Церан кийра йалтин рицкъа дахаза масех де даьлла. Аш пурба лахь, и бепиг кхузахь а ца дууш, шеца цІа хьур ду цо, – шаьшшиннан къамел, халла оьрсийн дешнаш а карийна, гочдира Занус.
Николай Кузьмичан хьаьрсачу, дуькъачу цIоцкъамашна тІехуларчу шуьйрачу хьаьжа тІе шад гулбелира; дегийра бІаьрнегІарш. Цуьнан шен бертаза хи доьссира бІаьргаш чу. Хьала а гІеттина, дехьа чу а ваьлла, Мария Петровна шена тІаьхьакхайкхира цо.
– Машенька, сан хьомениг…, – бІaьpгex йовлакх а хьоькхуш, дегочу озаца вистхилира иза.
–ХІун хилла, Коля?
– Сан дехар ду хьоьга… вайгахь долу дерриге бепиг дІалохьа оцу йоккхачу стагана. Ойла йехьа, хьо санна зударий бу уьш, вайшиннан Вова санна, шайн бераш деза царна а. Мел хала ду царна…
Николай Кузьмичан дешнаша дог дохийна Мария Петровна корах арахьаьжира, арахь гуш адам дацара. Кхоьлина, дошан баса йирзина стигал, йукъ-йукъа лайн чимаш а ийна, серсаш шийла дерз, гуобаьккхина хІоьттина сингаттаме тийналла.
– Хьанна хаьа, Сталин гІалатваьлла хила а тарло, – элира цо меллаша.
– Иза а ма ду адам. Ткъа гІалат ца долуш стаг хила йиш йац.
–ГІалат! ГІалат хуьлу иштта?! Итт эзарнаш коммунисташ, партин, пачхьалкхан деятельш хІаллакбина! Гойтуш бехк а боцуш, йинарг кхиэл а йоцуш! Иза а гІалат хилийтахьа. Цхьанна, иттанна, бІенна, эзар стагана тІехь кхиэл йеш а, валийтахьа гІалат. Ткъа – масех халкъана тІехь кхиэл йеш, уьш махках дохуш? Иза дуьххьалдІа къиза, зуламе акт ду.
– Коля! – мохь белира Мария Петровнин. – Доьху хьоьга, хьайн ойланаш хьайн коьртехь совцор! Со а ма кхета дерригенаха. Вайшиннал лакхахь болчеран а ницкъ ца кхаьчна и харцо сацо. Ахь ма-аллара, эзарнаш адамаш хІаллакдина, халкъан мостагІий бу бохуш, цІераш а техкина. Хьанна хаьа, иштта, хьо санна, кху харцонашна резабоцуш, бакъонна тІегІертарна хІаллакбина хила тарло уьш а. Ткъа могІара ши коммунист, йуьртарчу школан хьехархо а бен доцчу вайшинга хІотталур йац дуьненахь нийсо. Амма вайшиннан ойланаш цхьанна хаахь, вайша тІепаза-м дойъур ду.
Зудчо дуьйцучуьнга ла а доьгІуш, готтачу цІа чохь дІасахьийза Николай Кузьмич, цІеххьана сaцa а сецна, цунна тІевирзира.
– ХІан-хІа, Маша, вайша тІепаза дайъалур цаьрга, – тІаьххьара дош кхечарах къастош элира цо. – Вайша саннарш миллионаш бу! Цхьа де догІур ду, вайн урамехь а дезде хуьлуш. Хено гойтур ду, хиллехь – гІалаташ а, йинехь – йамартло а. Ленинан идейш йехар йу, дуьнен чохь адам мел деха. Ткъа хІинца, дехьа чу а гІой, оцу шина зудчун догъэца.
V
Гуобаьккхина лаьмнаш долуш, тогІехь, шина республикин дозанаш къаьстачохь, нийсачу экъанна тІехь нийсачу урамашка йоькъуш йиллина йурт йу. Дукха хан йац иза йиллина. Урамашца дийгІина гІаргІанаш хІинца а шайн къоначу хенал тІех ца девлла. Иштта къона ду бошмашкара стоьмийн дитташ а. Кхо-диъ шо хан йелахь, кхин хан йац цара стом ло. Хаза кхиа йоьлла бошмаш, толуш лаьтта урамаш, цІенош.
Иза хІокху ламанан районан центр йу. Кхузахь бехаш нохчий бац, амма дийнахь ган тарло гондІарчу йарташкара меллаша гІаш, нисйелча –ворданахь кхуза схьаоьху нохчийн зударий, божарий, бераш.