Рамаданан кечам бар бесплатное чтение

Скачать книгу

© Сайд-Селиман Кiант Хьусайн, 2025

ISBN 978-5-0068-2374-7

Создано в интеллектуальной издательской системе Ridero

РАМАДАНАН КЕЧАМ БАР

Ассаламу 1алайкум, лараме бусалба нах!

Альхьамду лилла́х1и роббил 1а́ламийн. Ва ссола́ту ва ссала́му 1ала росу́лилла́х1и ва 1ала а́лих1и ва асхьа́бих1и ажма1ийн вам ан таби1ах1ум биихьсанин ила́ явмиддийн. Амма ба1ду:

Хенел сиха д1адолуш х1ума дуй те? Оццул сиха д1айоьду хан. Д1айоьдуш хаа цало иза, амма вайна моьттучул а сиха йоьдуш йу иза. Цхьа Рамадан д1аболу, керланиг т1ебог1у, иза д1аболу кхозлаг1ниг т1е бог1у, иштта д1а1оьху мархийн беттанаш вайн дахарехь. Амма дуьненахь мархийн беттанаш д1аэхарх, уьш кхобуш болу бусалба нах даима ца кхочу цаьрга. Мархийн бутт т1е кхочу, амма д1абаханчу мархийн баттахь вайца хилларш ца хуьлу вайца. Уьш ца бевлла кху керлачу Рамадане. Цундела, ахьа ойла йахь доккха х1ума ду иза, иза ду дахар муьлххачу а хенахь хада мегаш хилар. Т1аккха кхин гур бац хьуна Рамадан. Кхин кхобур дац ахьа бусалбачу нахаца марханаш. Кхин къобал дийр дац ахьа марханаш. Д1адаьлла и деригге а, дуьненахь хьан дахар д1адаларца. Цундела, лараме бусалба нах, керлачу мархийн батте валар доккха х1ума ду хьуна! Доккха ни1мат ду иза. Ахьа Веза-Сийлахьчу Далла хастам бан дог1уш ни1мат ду иза. Айхьа Далла хастам бар гучу даккхалахь, х1унда алча Далла деза Ша шен лайна делла ни1мат лайна т1ехь гучудалар. Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла:

«Баккъаллаъ, Аллах1ана деза Ша ни1мат делча шен лайна, ни1матан лар цунна (лайна) т1ехь гар».

Амма дуккха а нах нийса ца кхета Рамадан т1ебарах. Кхечу баттах кхин схьакъаьсташ ца хета царна Рамадан бутт марха кхабарца бен. Амма иза иштта дац. Рамадан бутт т1е бог1уш стаг кечвала веза марха кхаба, цу бетта чохь шега ма йалло 1амал йан, дуккха а йал йаккха, дуккха а йеза 1амалш йан. Оцу цхьана баттана шен дита йиш йолу г1уллакхаш дита а дитина, ницкъ мак хоччу къа хьега деза бусалба стага. Хьанна хаьа, иза цуьнан т1аьххьара Рамадан хила а ма мега. Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла:

«Эшам хилла къонахчунна Рамадане а ваьлла, цул т1аьхьа (рамадан) иза чекхбаьлла цунна геч дале».

И бохург, къонах Рамадане ваьлла, йуха Рамадан д1абаьллехь цу къонахчунна Дала геч ца деш, боккха эшам хилла цу къонахчунна, х1унда аьлча, Рамаданехь Аллах1а ч1ог1а геч до шен лайшна цара жимма бахьана дича, ткъа Дала шена оццул атта геч дан йиш йолушшехь цо х1умма а цадарца цунна геч ца деш Рамадан д1абаьллехь, баккъалла а эшамехь ву иза. Цундела, Рамаданна хьалххе кечам бан беза, лараме бусалба нах. Рамадан т1е бале ша дендерг билгалдан деза. Ц1енна ният дан деза Аллах1ан дуьхьа къа хьега. Ц1енна тоба дан деза шен къиношна. Уьш кхин ца летадан ч1аг1о йан йеза. Тоба дан аьтто хилар Дала вайх бина къинхетам бу. Тоба дарца Дала вайн къинош д1адоху уьш ца хилча санна, ткъа кхин т1е а тоба дарна ял а хуьлу вайна. Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла:

Скачать книгу